ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу йоьдучу Челябинскерчу политикийн делегацина некъахьовзам хилла, адамаш а дойуш


«URA.RU» зорбанан гIирсан агIон скриншот.
«URA.RU» зорбанан гIирсан агIон скриншот.

ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь Нохчийчуьрчу даздаршкахь дакъалаца йоьдучу Челябинскерчу политикийн делегацина некъахьовзам хилла Минводера Соьлж-ГIала боьдучу новкъахь. Уьш тIехь болу машен тIекхетта кхечу машенашна, хаам бо «URA.RU» зорбанан гIирсо.

Къилбауралхошна юкъахь цхьа а стаг вийна а, лазийна а вац, амма вийна цу некъахьовзамехь дакъалаьцначу кхечу машенара ши стаг. Ткъа кхолагIчу машенахь хилла кхо стаг дарбанан хIусаме дIакхачийна.

Цунах лаьцна «URA.RU» зорбанан гIирсе хаам бина Челябинскан гIалин думан декъашхочо Павленков Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG