ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

11 шо кхаьчна журналист Политковская Анна Москох йийна


Политковская Анна. Маршо Радион архивера видео тIера даьккхина сурт.
Политковская Анна. Маршо Радион архивера видео тIера даьккхина сурт.

2006-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москохь йийра «Новая газетан» корреспондент, бакъонашларъярхо Политковская Анна. Тахана 11 шо даьлча а хууш дац цунна герз тоха аьлла омра делларг мила ву. Журналист ехачу хIусаманна хьалха цунна уллера мосуьйттоза тапча тоьхнера зуламхоша.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, Политковская юьш ша дакъалаьцна хилар даре динарг ву цхьа стаг. Иза ву милцо болх беш хилла Павлюченков Дмитрий. 2012-чу шарахь Политковская йер вовшахтохарна цунна 11 шо хан туьйхира.

Кхин а пхи стаг: вежарий Рустам, Джабраьил, ИбраьхIим МахмудовгIар а, церан гергара стаг Гайтукаев Лом-Iела а, милцо хилла Хаджикурбанов Сергей а журналист ерна бехке вира бехкъасторхоша 2014-чу шарахь.

Нохчийчохь болх беш Iедалшкара харцо ловш болчу нахана гIо дина яра Политковская Анна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG