Бакъонашларяърхоша бакъ дина Дагестанехь ГIизларан кIоштахь тIемалойн доьзалийн цIенош лелхийтина хилар. АнджиниязовгIера цIа эккхийтар бахьана долуш дохийна пенаш а, тхов а, ЮсуповгIера цIа дерриг а аьлча санна дохийна дIадаьккхина.
Цу нехан кевнашна тIелетийна полисхоша байинчу тIемалойн шаьш даьхна сурташ, дуьйцуш ду "Мемориало" арахецначу хааман тIехь.
Кавказ.Реалиино кху беттан 2-чу дийнахь хаам бинера, ницкъаллин структурийн белхахоша тIемалой бу аьлла шайна хетачу нехан хIусамаш лелхийтина ГIизларан кIоштарчу Большая Задоевка эвлахь, цу чохь бомбанаш карийна бахьана а хIоттийна, аьлла. Цуьнах тешаш бацара меттигера бахархой. Ткъа хIинца «Мемориало» а тIечIагIдина Дагестанехь нах хIусамех баьхна хилар.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?