ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхушарахь 111 стаг кIелхьарваьккхина Нохчийчуьрчу цIеяйархоша


Chechnya rescue service, firemen
Chechnya rescue service, firemen

ХIара шо доладелчхьана 274-зза цIе яьлла Нохчийн Республикан территори тIехь. Цу бохамашкахь цIеяйархойн аьтто баьлла 111 стаг кIелхьарваккха.

Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан Нохчийчуьрчу коьртачу урхаллан хьаькамо Яхьяев Руслана.

Уггаре дукха цIе яьлла меттигаш нисбелла адамаш дехачу хIусамашкахь. ЦIе яларан коьрта бахьанаш ду Нохчийчохь лар ца луш цIе лелор а, газ ягон пеш оьшучу кепехь ца лелор а, тоькан гIирс галбалар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG