ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанехь митингаш хилла Каталони дIакъастарна дуьхьал


Испани -- Мадридера митинг, 10ГIад.2017
Испани -- Мадридера митинг, 10ГIад.2017

Барселонехь а, кхин йолчу а Испанин гIаланашкахь митингаш хилла Каталони дIакъастарна дуьхьал. Церан декъашхоша кхайкхам бина Мадридерчу Iедале, автономица диалог дIахьо аьлла.

Хьалхо дIакхайкхийнера Каталонехь хиллачу референдуман жамIаш. Цаьрца а догIуш, референдумехь дакъалаьцна 2,3 миллион вахархочо. Царах 2-на миллионо кхаж тесна Каталони Испанех дIакъастарехьа. 176 эзар стаг дуьхьал хилла.

Референдум хиллачул тIаьхьа масийтта йоккхачу компанино шайн Каталонехь йолу штаб-хIусамаш дехьа яха йолийна Испанин кхечу регионашка. Царна юкъахь ю Испанехь шен йоккха хиларца кхолагIчу меттехь йолу Каиша банк а, Сабадель банк а, ткъа иштта Газ Натурль олу газан компани а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG