ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

18 шо кхаьчна Оьрсийчоьно, Элистанжа ракеташ а, бомбанаш а йиттина, иттаннаш адамаш дайина (видео)


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

1999 шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Элистанжахь бомбанаш а, ракеташ а йиттира Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша. 35 маьрша стаг вийра цу юьртахь цу дийнахь, шайна юкъахь дуккха а бераш а долуш. Цхьацца доьзалшкахь вийра массийта стаг.

И зуламаш дарна жоьпе озийна вац цхьа а стаг.

Гезгмашин-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело листа долийна Элистанжарчу бахархоша Оьрсийчоьнан Iедалшна арз деш чуделла дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG