ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муртазалиева Зараъна Машаран преми елла Италехь


Бух боцучу бехкаца набахте а хьажийна, цигахь 8 шо даьккхинчу Муртазалиева Зараъна дуьненаюкъара совгIат делла Италерчу Болонья гIалахь.

Италхойн адамийн бакъоларъяьрхочун, юкъараллин жигархочун Даниэла Пон цIе йолчу оцу совгIатах олу „Машаран преми“. 2007-чу шарахь дуьххьара юккъедаькхина ду иза. Дуьненан юкъараллехь ша жигара гойтуш а, адамийн бакъонаш хьешарна дуьхьалоеш а болчу нехан къинхьегамна тIе тидам бахийтар ю совгIатан Iалашо.

Кхушара Машаран преми лучех цхьайтталгIа ю нохчо Муртазалиева Зараъ. Цунна иза кхачор довзуьйтуш оргкомитето шен сайта тIехь яздина, и йоI гIалатца терроризмна бехке а йина, 9 шарна чуйоьллина, амма ша хьегначу халонашна къар ца елла иза, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG