ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iамеркан аз" а, Маршо Радио а арахьарчу агентийн статусе яха тарло Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан юстицин министралло Оьрсийчохь болхбечу цхьамогIа Iамеркан хаамийн гIирсашка дIахьедар хьажийна, уьш ша арахьарчу агентийн статусе баха тарло, нагахь санна RT а, Sputnik а телеканалаш Цхьаьнатоьхначу Iамеркан Штаташа оццу «арахьара агент» олучу цIартIе яхахь, аьлла.

И хаам баржийна РИА Новости агенталло Iедалерчу гонна тIе а тевжаш.

ДIахьедар хьакхало «Iамеркан аз» («Голос Америки») а, «Маршо Радио» а медиакорпорацех a, иштта «Карара Хан» («Настоящее Время»), «Фактограф», «Крым.Реалии», «Idel.Реалии», «Кавказ.Реалии» интернет-проектех а, гIезалойн маттахь болхбечу Маршо Радион сервисах а.

РИА Новости агенталло бечу хаамца, RT а, Sputnik а Iамерко таIзаре ерзаяхь, Оьрсийчоьно Iамеркан журналисташна дан тарлург ду: арахьарчу гIуллакхийн министраллехь аккредитаци цаялар, Оьрсийчоьнан къинхьегаман а, йолан а низамаш кхочушдан декхаре бар.

«Инарла прокуратуран юьззина бакъо ю карарчу хенахь Iамеркан хаамийн г1ирсаш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашка кхийдачех лара а, шен территори тIехь гойла цалуучийн могIара баха а», - аьлла РИА Новости агенталле Iедалан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG