ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Орджоникидзен жамаIатан" тобанхошна тIехь Iазап латтор гучудаьлла


Сипсо-ГIаларчу «Орджоникидзен жамаIат» тобанхошна тIехь йоьдучу Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхелехь цхьахволчу бехкевечун нанас дIахьедина, шен кIентан дегIа тIехь ницкъбина таммагIаш хиларх.

Изза дIахьедар дина кхи а цхьана тобанхочо.

Бехкебина чохь латточарна тIехь полисхоша Iазап латтош хилар Iорадаьккхина гергарчара йоьдучу процессехь.

Исс стаг ву кхеле валийна: Гадамаури Леча а, Албаков Асхьаб а, Амриев Зеламха а, Бузуртанов Акроман а, Опиев Багаудин а, Матиев Тимур а, Торчхоев Илез а, Цечоев ЖовхIар а, Цечоев Илез а.

Талламхойн версица, Гадамаури коьртехь а волуш вовшахтоьхна хилла «Орджоникидзан жамаIат» тоба. Цхьана декъанна шайн бехкхилар тIеэцна Гадамаурис а, Албаковс а, Амриевс а.

Бисинчара шаьш бехкехилар тIе ца дуьту, яздо «Кавказан узел» агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG