Францин Iедало тIеэцначу керла белхан низамна дуьхьалонаш юха а дIайолийна цу низамна реза боцучу эзарнашкахь белхалоша. Низамо шуьйра бакъо ло долахошна шен белхалой балхара атта дIабаха а, алапа лахдан а, кIиранах 35 сохьтал совнах цаьрга болх байта а.
ГIадужу - беттан 10-чохь Францин профсоюзаша эзарнашкахь белхалой арабаьхна демонстрацешка дуккха а гIаланашкахь. Массо тайпа белхалойн гIаттамехь дакъалоцуш ю Францин кеманийн компани Air France а. Цу бахьанца 10-чохь цуьнан болх 75 процентна лахлур бу. Франце доьлхучу кеманийн дуккха а рейсаш совцийна кхечу мехкашкара кеманийн компанеша а, Британехь а, Ирландехь а.
Амма шайн бакъонаш къийса аьтто болуш адамаш хилла а ца Iа Францехь. ГIадужу -беттан 8-чохь, эзарнашкахь уьстагIий дара Лионехь гIалин юккъера демонстрацехь берзалойх хуьлуш долу зен гайтархьама.
Масех шо ду Францера телевизионехь берзалоша хьийзочу фермерша шайн бала балхон. Iедало юккъедаьккхинчу низамца дихкина ду берзалошна тоьпаш тоха. Цу бахьанца шайн жа берзалойх лардан ма-хетта йиш йоцучу фермерша эзарнашкахь уьстагIий далийнера оцу низамна дуьхьало ян. Фермерша бакъо йоьху шайна даккхий зенаш дечу берзалошна тоьпаш тоха.
Францера профсоюзийн гIаттам масех дийнахь лаьттар болуш бу.