ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаламе ладоьгIуш бу юьртбахамхой


drought in Chechnya
drought in Chechnya

Еххачу хенахь йокъа латтаро сагатдо дуьйш-дерзош латтанаш лелочу къинхьегамхойн.

Дукхахдолчу декъана Нохчийчохь алсам ялташ кхиош ерш Теркаца Iохкуш йолу Шелковск, Ноьвран, Теркйистан кIошташ ю.

Цу аренан меттигашкахь латтанаш дукха хиларе терра IаьнкIел дIаден дезачу ялташна саготта бу юьртабахамийн куьйгалхой а, латтанаш лелорах болх-некъ бина схьабогIу долахой а.

Церан сингаттам дебориг ду йочанаш йоцуш кхо бутт гергга хан а яьлла, йокъо яхъяларна, пастанаш санна лилхина латтанаш гIорз-баIал буьйлуш охана дан хала хилар.

Къаьсттина гIайгIанехь бу, Iедалера хуьлуш гIо-накъосталла а доцуш, шаьш шайн ницкъашца халонаш къарьян гIерташ къахьоьгуш болу ялташкхиорхой. Царех ву Шелковск кIоштера Султан а: "Йокъо чIогIа ю. Аха ца ло. Латта декъа ду. ХIара санна догIа доцуш гуьйре суна гина а яц. Аха воьлча баIал чIогIа буьйлу. И бохо гIирс-коьчалла яц. Дан хIума долуш дац цкъачунна.

Цхьаццанхьа, латта тIулг санна чIагIделла хиларна оханаш совца а дина, техника дIахIоттийна Iаш ду-кх тхо. ДогIанаш деза. Йочанаш хилча латта кIадлур дара, тIаккха охана дерзалур ду. Кхачо йоллуш догIа дилхича ялташ дIаден ларалур дара, амма хIара йокъо яхлахь ялта дIаден кхуьур ду ала хала ду. Лаьттан ондалло гота ерг, кIомсар ерг кегйо".

Iедалера гIо а ца хуьлу шайна иштта проблемаш тIехIиттича, ерриг а шайн чоьтах эца дезаш хуьлу элира Султана.

Йокъа бахьнехь ловчу халонех дийцинчу Султанан дагар хиъча санна къамел до Новр кIоштерчу тракторхочо Солтабиев Шавала а.

"Латта декъа ду, аха ца ло. Техника кегйо ю. Кху тIаьххьарчу шовзткъа шарахь суна дайна дац хIара саннарг. Вискосный олу деха шо дIадаьллачул тIаьхьа ишта чолхенаш хуьлуш ю-кх. ДогIа деза. Кечам ца бича ца болу. Мухха дийна а дIа ца дича ялта а ца долу".

Къаноша дечу тоьшаллашца хIинца санна йокъа хIоьттина гуьйре янза дукха хан ю. Шена дика дага а догIуш, кхушара санна ягар хьожа а етталуш, кхаш-латта кхарзделла мур беънера 1974-чу шарахь боху Теркйист кIоштерчу вахархочо Солтаханов Лавдис.

"Сол баккхийчара даре а деш, дуьххьала хIоьттина яц гурахь а тIехь ишта йокъалла. Суна дика дага а догIуш 43 шо хьалха а дара изза сурт. Цу хенаххьа-м ГIуран -бутт тIекхечира йочана ца хуьлуш. Адам цецдуьйлуш ду-кх, хIун хила доллу те бохуш. ХIумма а ца хуьлу. Керла хIумма а дац. Шен заманахь догIа а доьлхур ду, ялташ дIа а дуьйр ду".

ДIаден дезачу ялташка хьаьжча, боху Новр кIоштерчу агрономо Астамиров Аюба, 15-20% кечдинехь кхин кечдина девлла дац латтанаш. Цунна хетарехь, баIал а боцуш оханаш дан, лазархочунна дарбане молха санна, йочане денош деза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG