ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс хийцина шен гонера хьаькамаш


Цхьа могIа хьаькамаш даржера хийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен Администрацин урхалле хIоттийна цо Израйилов IабдулкъахIир. Пхи бутт хьалха оцу дарже валийна Усмаев ВахIид экономикан, юкъараллан кхерамзаллан кхеташонан секретарь хир ву.

Ткъа секретаран декхарш кхочушдеш хилла шен йишин кIант Черхигов Идрис некъан полицин (ГИБДД-н) хьаькам хIоттийна.

Еххачу хенахь энергетикан министран гIантахь Iийна Таймасханов Галас мехкан куьйгалхочун Администрацин урхалхочун гIовс дIахIоттийна.

Вице-премьеран даржера Байтазиев Муслим хир ву энергетикан министр.

Къинхьегаман министр хIоттийна Баширов Iусман. ХIинццал оцу даржехь хилла Ахмадов Мохьмад а хуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG