ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан мигрантех низамна дина арз тIе ца эцна Лакхарчу кхело


Президентан Трамп Доналдан миграцех арахецна низам юхадаккхар тIедожош Iамеркарчу бахархойн маршонаш ларъечу юкъаралло чуелла иск дIатеттина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Лакхарчу кхело, яздо Reuters агенталло. Оцу низамо Iамерке богIу некъ боьхку ГIажарийчоьнан, Ливин, Шемин, Йеменан, Сомалин, Суданан бахархошна.

Reuters агенталло билгалдаккхарехь, кхело жоп ца делла, и омра Трампа Зазадокхучу-баттахь куьйгяздина хиларна а, цуьнан лела хан чекхъяларца а.

Гавайа штатан искан хьокъехь кхело сацам тIеэцаза бу. Цу тIехь доьху президентан омра юхатохар а, 120 денна мухIажирш Iамеркехь дIатарбаран лерина программа сацор а. Низаман хан кху беттан 24-чохь чекхйолуш ю.

Иштта карарчу бетан 18-чу дийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь юханисдина Трампан кхоалгIа низам ду арадоккхуш.

Цу тIехь бинчцу хийцамашца, доза тухуш ду ГIажарийчоьнан а, Шемин а, Ливин а, Сомалин а, Йеменан а, Венесуэлан а, Китайн а, Чадан а бахархошна шайн пачхьалкха бахка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG