Дуьненаюкъарчв политологин «Оьрсийчоьнан Кавказ» форум йоьдучу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, республикехь къаьмнашна юкъахь цакхетам гIоьртина, конфликташ хилла яц аьлла. Цо бахарехь, цкъа а цхьа меттиг хилла бац дов, Iоттабаккхам хилла.
"Нохчийчохь лелош йолу политика говза а, дерриге а тидаме а оьцуш дIахьош хиларан маьIна ду иза", - билгалаьккхина Кадыровс.