Оппозиционер Немцов Борис верна бехкебина, хенаш кхайкхийначу Нохчийчуьрчу бахархошна тоьхна 100 эзар сом гIуда юхадаьккхина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Набахтехь яккха тоьхначу хенашца хийцам ца бина кхелахоша. Маршо Радион корреспонденто бина и хаам.
Лурчаха Чиллан-баттахь тапча тоьхна вийра Немцов Борис. Иза верна бекхебина, хенаш йиттина Дадаев Заурна а, ГубашевгIеран вежаршна Шадидна а, Анзорна а, Эскерханов Тамерланна а, Бахаев Хьамзатна а.