ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Боккха бала бу хьехархочун коча оьллина"


Соьлжа-гIалин гимназехь дешархо валарца доьзна дийца даьккхина ишколашкара дахар.

Интернет машанехь дийца даьккхина Соьлжа-гIалин 2-чу гимназехь, футболан кевнаш тIе а кхетта, 12 шо долу кIант валар.

Хетарехь, къамелаш а ца деш, цу бохаман кIорггера зераш дан деза аьлла хьажам болчех ву Соьлжа гIалин кIоштера физкултура урокан хьехархо Хасанов Абу.

Оцу мини футбол олучу ловзаран кевнаш тIекхеташ физрук циггахь хилла я ца хилла, нагахь нацкъарваьлла хиллехь, мича бахьаненна, хьан кхайкхина?

Абун, хетарехь хеттарш дуккха а кхоллало. Цу тIе боху цо, карарчу хенахь хьехархо беккъа шен болх бича волуьйтуш а ма вац.

"Массо агIор талла теза и кIант валар, стенна, муха? Ткъа физкултура урок дIаяккха бохург цхьа бух болуш хIума дац. Иза берийн уггаре а садоIу, бераш кхио урок ю. Дешархой хьага а хьаьгна хуьлу цу урокехь шайн хьуьнарш гайта.

Шан кхин урок ца хилча а хьовддий тхуна схьадогIу бераш. Тхан галдаьлларг хIун ду? Дас-нанас цхьа сакхт хилча а берашца, тхоьга схьа ца олу, тIаккха тхуна цхьа хан яллалц ца хаьа, йоьIаца я кIантаца доллург. Дерг ду алар царна эхье а, эшаме а хета. Ма-дара физкултуран хьехархочунна хууш хилча, цо берана ца богIу ницкъ а бийр бац, кхиберш дуьхе а ца кхуьуьйтуш бер кхоо а хьожур ву", - аьлла ю Абун ойла.

Шатайпа хьажам бовзуьйту Соьлжа - ГIалин гимназехь дешархо кхалхарх Гуьмсан кIоштерчу зеделлачу физкултуран хьехархочо, сан юьззина цIе йоккхийла доцчу Висхас. Цо, цкъа делахь, бехках хьалха ца вуьту хьехархо а.

Нагахь санна, элира цо, и меттиг урокехь хиллехь бехк хьехархочуьнан хила тарло. Хьажа ма веззара ца хьажна, гарехь, само ца йина.

Iожаллин меттиг нисьяларан ишта бахьана хила а тарло боху Висхас - балха тIехь зеделла хьехархой, низамо магош доццушехь, бертаза балхара дIа а бохуш, церан меттана охIла боцу, кегийрхой схьаэцар.

"Пенси баха хан ю аьлла баккхийнарш дIабаьхна, вуно хала а хоьтуьйтуш, балхара дохадар чIогIа лазаме а долуш… Кегийрхой схьаэцна царна хууш кIадда а дац. ХIара-м ца хиъча ма ца долу аьлла хетарг а ца хаьа. Кхачо йоллуш кхерамазалла ларьян а ца хаьа".

Ишколашкахь кхоьллинчу хьелех дуьйцуш волчу Висхах чIагIдарца, буьрканаш, ласто, кхосса оьшуш болу гIирс-коьчалла тоъане а тоьуш бац.

"Хила беза гIирс бац. Оьшшучул буьрка а ца хилча, кхиболу гIирс а ца хилча, цу Iалашоне кхочийла дац. ХIара а, иза а хин ю, сатоха, собарде бохуш, тхо ладоьгIуш долу лаххаре а 17 шо дIадаьлла, хуьлуш хийцамма-м бац. Кехаташ кечдар, суьрташ дахар марсадаьккхина. Уьш хьан хилчахьана хьо болх бийриг ву",- реза вац къамел дина Висха.

Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министро Васильева Олгас хааме даьхначу терахьашца 2016 - чу шерашкахь физкултура урокашкахь 211 бер - дешархо делла Оьрсийчохь.

Цу гIайгIанечу гайтамца дустар далийча, махкахь вуно кIезиг нислуш ю сел бохаме юьхьIаьржо боху ишколашкара хьал-де дика довза а девзаш, бераш кхетош - кхиорехь бахчабеллачу цхьаболчу бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG