ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан шпион лаьцна Украинехь


Украина – Украинин Къоман кхерамазаллин сервисан куьйгалхо Грицак Василий.
Украина – Украинин Къоман кхерамазаллин сервисан куьйгалхо Грицак Василий.

Украинин кхерамазаллин сервисо Оьрсийчоьнан агент хилла аьлла, лаьцна Къоман гвардин белхахо. Украинин Къоман кхерамазаллин сервисан куьйгалхочо Грицак Василийс бина цунах лаьцна хаам,шен зорбанан конференцехь.

Цо дийцарехь, лаьцначу белхахочун цIе ю Родионова. Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн белхахоша иза шайгахьа яьккхина хилла стохка аьхка, и зуда Оьрсийчу шен йиша йолчу хьошалгIа яханчу хенахь.

Грицака чIагIдарехь, шпионо дуккха а къайлаха долу документаш дIаделла оьрсашка. Ша бохьуьйтучу хаамашна кIел куьйг яздеш лелош хилла Родионовас – «45-гIа» а, «Невский» а псевдонимаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG