ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Улюкаевс 2 миллион доллар схьаоьцуш яьккхина видео гайтина кхелехь


Оьрсийчоь -- Улюкаев Алексей кхелехь. ГIад, 2017
Оьрсийчоь -- Улюкаев Алексей кхелехь. ГIад, 2017

Москох Замоскворецкийн кIоштан кхелехь рогIера кхеташо хилла Оьрсийчоьнан экономика кхиаран министр хиллачу Улюкаев Алексейн бехктакхаман гIуллакх луьстуш. Цунна бехке дуьллуш ду 2 миллион доллар барамехь кхаъ эцар.

Еариндийнахь хиллачу ладогIаршкахь прокуроро видеош гайтиhа Улюкаев «Роснефть» компанин куьйгалхочуьнца Сечин Игорца цхьаьнакхеташ яьхна йолу. Церах цхьанна тIехь цо «Роснефть» компанин офисана хьалха, машен чуьра охьа а вуссий, гаражана уллехь Iуьллу тоьрмиг схьаоьцу. Цул хьалха Сечина олу Улюкаевга: «… ахь аьлларг кхочуш дина лара мегар ду хьуна».

Талламхоша чIагIдарехь, цу тоьрмига чохь хилла 2 миллион доллар кхаъ. РогIера кхелан кхеташо хир ю кху, ГШадужу-беттан, 19-чу дийнахь, хаам бо "Медиазоно".

Улюкаевн сейфан чохь карийна 250 эзар доллар а, кхин долу а валюта. Цул сов цу чохь хилла кепа тоьхна деши а, "История денежного обращения России" коллекцин дашо ахча а, шайна юкъахь 25 эзар сом барам болу кхо кила сов йозалла йолу дашо ахча а долуш.

Цигахь иштта хилла масийтта куьйгах доьхку сахьт а, цхьацца кечлуш ухку хIуманаш а.

Улюкаевн цIера талламхоша дIаяьхьна компьютер а, хаам тIехь латто картанаш а, ткъа иштта 300 эзар доллар ахча а. Талламхошна гучудаьлла Улюкаевс банкашкахь латтош 2 миллион сов доллар мах болу тайп-тайпана валюта хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG