ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен критикашка Нохчийчу болх бан гIо, аьлла Бастрыкина


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр.

Шен критикашка болх бан Нохчийчу гIо, аьлла Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра. Кху беттан 12-чу дийнахь талламан органийн юбилейн хьокъехь хиллачу конфренцехь цо динчу къамелах лаьцна «Дождь» телекомпане дийцина адвокато Молохов Александра.

Адвокатан дешнашца, Бастрыкин дискусси дIахьош хилла Москох пачхьалкхан университетехь (МГУ). Студенташа аьлла Талламан комитетан белхахой «монстрш» а, «опричникаш» а бу аьлла. Цунна жоп луш, Талламан комитетан куьйгалхочо Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхо хIотта, аьлла уггаре а жигара критика еш волчуьнга.

-Вала, хьайн идейш кхочушъян аьтто бу хьан. Хьуна лаахь, кхана а хьо Кадыров Рамзан волчу болх бан вахийта кийча ву-кх со, хьовсур вай, хьоьга хIун дало а», - аьлла Бастрыкина.

Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочун дарж формалан кепара даьсса дуьсуш ду 2013-чу шарахь цигара шен лаамехь Бобров Сергей дIаваханчул тIаьхьа дуьйна.

«Новая газето» яздарехь, Бобров волавеллера Нохчийчохь тесна дитина бехктакхаман гIуллакхаш баккъалла а талла. И бахьана долуш Кадыровна уллера волчу хIинца парламентан спикер волчу Даудов Мохьмадца дов даьллера цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG