ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Конституци тIеэцна Гуьржийчоьнан парламенто


Гуьржийчоь -- Парламентан кхеташо. Тбилиси, 18Марс.2017

Гуьржийчоьнан парламент рогIерчу кхеташонехь президентан ветона тIехъяьлла, пачхьалкхан керла Конституци тIе оьцуш. Президенто Маргвелашвили Георгис кховдийна хилла нисдарш тIе ца эцна депутаташа.

Кхаж тсарехь дакъа ца лецира оппозицин фракцийн векалша. «Когашца хьешна сийсаз йина Конституци» аьлла плакат дIатоьхнера цара парламентан кхеташо дIахьочу чохь.

Президентан вето парламенто йийцаре йира 5 сохьтехь. Керла Конституци тIеоьцуш кхаж тесира Iедалехь йолчу «Гуьржийчоьнан сатийсам» партино. Цо шен Iуналлехь латтош ду парламентехь 117 мандат, лаххара а 114 бен оьшуш а доцуш.

Керлачу Конституцино Гуьржийчоьнах йо парламентан республика, президентера дуккха а бакъонаш дIайохуш. Иза болх бан йолалур ю цхьа шо даьлча, президентан харжамаш хиллачул тIаьхьа.

Хьалхо оппозицин партийн векалша дIахьедар динера, шаьш дуьхьалонан акцеш вовшахтоха мега, керлачу Конституцина дуьхьал аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG