ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тешо тIечIагIйина Беляловн алиби


Оьрсийчоь -- Будденновск. Манг. 19, 1995.
Оьрсийчоь -- Будденновск. Манг. 19, 1995.

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Буденновскана тIелатар деш дакъалаьцна аьлла, бехке веш волу Белялов Рамзан доьзалан даздарехь вара Башкирехь 1995-чу шарахь Мангал-беттан 15-чу дийнахь, хаам бо kavkaz-uzel.eu сайто. Иза тIечIагIдина кхелехь тоьшалла дан цига кхайкхинчу цхьана зудчо. Кхин а кхаа тешан аьтто ца баьлла Беляловн алиби тIечIагIъян, цу дийнахь уьш гина хилар царна иза дагадаийта гIиртинехь а.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, Ставропол-кIоштарчу Буденовскехь терроран тIелатар деш дакъалаьцна аьлла, лаьцна ву Нохчийчуьра Белялов Рамзан. Цуьнан гIуллакх луьстуш суд ю д1ахьош Ростох Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхелехь.

Беляловн алиби ю, боху цуьнан адвокато. Ткъа ша Беляловс чIагIдарехь, Буденновскана тIелатар деш иза хилла Башкирехь гIишлош ечу балхахь.

Ша бехке хилар тIе ца дуьту Беляловца цхьаьна кхеле озийна волчу Маздаев Мохьмада а. Талламхойн версица, Белялов а, Маздаев а дакъалоцуш хилла 1995-чу шарахь Мангал-баттахь Басаев Шемал коьртехь волчу тIемалойн тобано Буденновск дIалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG