ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин президентан харжамашкахь дакъалоцур ду Тимошенкос


Тимошенко Юлия, Гезг. 4, 2017
Тимошенко Юлия, Гезг. 4, 2017

"Батькивщина" оппозицин партин хьалханчо Тимошенко Юлияс дIахьедар дина, Украинехь хин болчу рогIерчу президентан харжамашкахь ша дакъалоцур ду аьлла. NewsOne телеканалан эфирехь цо элира, "мохк когаштIе хIотто дезаш ю ша", хьалха ша накъосталла деш хиллачу политикаша – ша аьлча экс-президенто Ющенко Виктора а, премьер-министр хиллачу Яценюк Арсенийс а - шена хетарг кхочуш дина ца хиларна.

Тимошенкос шозза дакъалаьцна президентан харжамашкахь. 2010-чу шарахь иза ийшира Янукович Викторна. 2014-чу шарахь хиллачу харжамашкахь толам баьккхинарг вара карарчу хенахь пачхьалкхан куьйгалхо волу Порошенко Петро.

Карарчу хенахь Тимошенко оппозицехь ю. Иза реза яц я президентана а, я министрийн кабинетана а.

Украинин президенан харжамаш хила безаш бу 2019-чу шарахь бIаьста. Талламаш гойту Тимошенко уггаре нахана товш йолу кандидат хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG