ТIекхочийла долу линкаш

Франкфуртерчу книжкийн базарахь дийцаре дира Къилбаседа Кавказера хьал


Франкфуртерчу книжкийн ярмаркехь

Кху деношкахь немцойн Франкфурт гIалахь дIахьош ю 69-гIа Дуьненаюкъара книжкийн базар. Дуьненчохь уггаре а боккхачу книгийн гайтамехь 7000 сов зорбантийн векалш гулбелла. Цул сов, эзарнаш яздархой а, журналисташ а, литературан агенташ а бу цига баьхкина.

Пхеа денна яхлучу базаран хьалхарчу кхаа дийнахь цуьнан балхахь дакъалоцу книжкаш язъяр болх болчу а, уьш зорбане яхарца а, йохкарца а болх бечара а, ткъа тIаьххьарчу ши дийнахь могIарерчу ешархошна шен неIарш схьайоьллу гайтамо.

Амма еккъа цхьа жайнаш довзар, дешар, даржор хилла ца Iа базаран Iалашонашна юккъехь. Цигахь кхоллараллин цхьаьнакхетаршкахь а, подиумашна тIехь дIахьочу дискуссешкахь а дийцаре до дуьненчохь дешан а, исбаьхьаллин а маршонашца долу хьал. Кху шарахь ишттачу цхьаьна дискуссехь ярмаркехь дийцаре дира Оьрсийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а маршонашца долу хьал. „Гибридан тIемаш.

Муха хьал ду Оьрсийчохь дешан а, исбаьхьаллин а маршонца?“ цIе йолчу цхьаьнакхетараллехь цхьа могIа журналисташа а, Оьрсийчоьнах эксперташа а дийцира, цу махкахь Iедалша шо шаре мел долу хаамийн гIирсийн маршонах йоьхкуш хиларх а, тIаьхьарчу хенахь интернетехь наха маьрша шайна хетарг яздан йолу бакъо ехка Iалашонаш Iедало кхобуш хиларх а лаьцна.

Цхьаьнакхетар дIадолош немцойн журналиста Лойтхофен Сергейс карладаьккхира, Оьрсийчохь Путин Владимир Iедале веъчахьана 100 сов журналист вийна хилар. Царех уггаре а цIеяхнарш Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешар толлуш а, емалдеш а хилларш бара, бохуш дийцира цо. Политковская Анна а, Эстемирова Наташа а ейтинарш хIинца а билгалбаьхна ца хилар а хьахийра журналисто.

Оьрсийчуьрчу „Мемориал“ юкъараллин цхьаьнакхетараллин белхахо историн Iилманча Щербакова Ирина а яра дискуссин хьешашна юккъехь. Цо дийцира, тIедогIучу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хилар бахьана долуш цу махкара юкъараллин жигархой а, адамийн бакъонашларъярхой а саготта бу, нехан маршонаш кхин а луьра Iедал.

XS
SM
MD
LG