Гоьваллачу хелхархочун Эсамбаев Махьмудан цIарах уьссалгIа дуьненаюкъара фестивал-къовсам болабелла Соьлж-ГIалахь. Иза дIахьош бу «Вайнах» концертан хIусамехь.
Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан културан министро Дааев Хож-Бауддис. Цо дийцарехь, кхушарахь къовсадаларехь дакъалоцуш бу 8 пачхьалкхара а, Оьрсийчьнан 23 регионера векалш.
Фестивал дIайоьрзур ю кху беттан 18-чу дийнахь.