ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шех тешийначу берана къиза етташ хилла Нохчийчохь 51 шо долчу зудчо


Бехктакхаман гIуллакх схьадиллина 51 шо долчу Невран кIоштара Новотерски эвларчу яхархочун дуьхьал, хаам бо Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло. Иза бехке йина 5 шо долчу йоIана еттарна. Цу зудчо, коьртах а, дегIах а хIума етташ, хьийзош хилла бер масийтта баттахь.

Талламхоша бинчу хаамца, йоIан да-нана дIасадаьллачул тIаьхьа йоI деца йисина хилла, амма 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь иза цIераваьлла, шен бер гергарчу зудчун тергонехь а дитина.

ЙоIанна етташ хиларх лаьцна полице хаам бина лулахоша. Цул тIаьхьа сихха дарбанан хIусаме охьайиллина дегIа тIехь еттаран ларш йолу йоI.

Талламан комитетан белхахоша гергарчу хенахь сацам бийр бу зуда талламан изоляторе хьажорах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG