ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело гIуда тоьхна ФСБ-ца болх бан реза ца хиллачу Telegram-на


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

ФСБ-ца юкъаметтигаш лело реза ца хиларна Москох Мещански кIоштан кхело гIуда тоьхна Telegram мессенджерна. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, цу кхелан зорбанан секретарна Бочарова Юлияна тIе а тевжаш. ГIудан барам бу 800 эзар сом.

Гезгмашин-бутт чекхболуш Telegram кхоьллинчу Дуров Павела дIахьедар динера, шен мессенджеро «Яроваян низам» дохорна протокол хIоттийна ФСБ-но аьлла.

Цу низамца а догIуш, лерринчу сервисан дехарца нехан къамелаш а, сурташ а, видео а, аудио а файлаш а дIаяьла езаш ю интернет- компанеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG