Бохам хиллера кху беттан 6-чу дийнахь Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан номер 2 йолчу гимназехь. Физкултуран урокехь 6-гIа классерчу дешархочун тIедоьжнера футболан ков.
КIант кхелхира, коьртана чов йина. И бахьана долуш, прокуратуро таллам болийнера. Цуьнан жамIашца а догIуш, Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна, хаам бо ИА REGNUM агенталло. Бохам хиларна бехке хила мега аьлла, хьехош ву физкултуран хьехархо.