ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевехь Лаккхарчу Радана хьалха митинг дIахьош бу оппозицин боламийн а, партийн а декъашхой


Украина -- Киев, 17ГIад2017.
Украина -- Киев, 17ГIад2017.

«Керлачу ницкъийн Рух» боламан лидер, Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил а, цуьнан агIончаш а, иттех политикан ницкъийн а, боламийн а декъашхой а «Ерриг а Украинин гулам» олу митинг дIахьош бу Киевехь Лаккхарчу Радана хьалха.

И акци вовшахтоьхначара дийцарехь, митингехь дакъалоцуш ву лаххара а 5 эзар стаг, хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Iедалан урхаллаш йолу квартал а, Лаккхара Рада а гоне лаьцна ю низамаш лардечу органийн белхахоша. Парламент шалха гоне лаьцна ю полисхоша а, къоман гвардин эскархоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG