ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь ворхI бер дIадаьккхина нохчийн доьзалера (видео)


Австрерчу Грац гIалахь бехачу цхьана нохчийн доьзалера бераш дIадаьхна меттигерчу берашна Iуналла даран хьукмато. Полисхойх а, берийн хьукматан белхахойх а лаьттачу тобано шаьш дехачу хIусамера дIадигна, ненан карара а даьккхина, ворхI бер.

Уьш дIадахаран билгалла долу бахьана хууш дац. И доьзал бевзачу наха дийцарехь, берийн да, кхин доьзал а болийна, дIавахана хилла. Ткъа ненан цул тIаьхьа балха яха дезна, шен бераш шаьш чохь а дуьтуш.

Кхаариндийнахь Австрехь бехачу нохчашлахь яьржина бераш ненера дIадохуш гойтуш йолу видео. Цу тIехь кегий бераш доьлхуш ду, орца доьхуш, ткъа цу доьзалера йоккхах йолу йоI шаьш дIа хIунда дуьгу, шайгара хIун даьлла, бохуш, хоьттуш ю Iедалан белхахошка.

Австрехь ворхI бер дIадаьккхина нохчийн доьзалера
please wait

No media source currently available

0:00 0:00:38 0:00

XS
SM
MD
LG