ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин пенсионеро нохчи вийна Москох


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Зулам дина ГIадужу-беттан 16-чу дийнахь Москох Новослободски урамехь, хаам бо Москва агенталло.

Полицин хьасто дийцарехь, бахьана хилла некъан конфликт: цхьана жимачу стеган а, полицин пенсионеран а дов даьлла хилла вовшен некъ ца битар бахьана долуш. Полисхо хиллачу пенсионеро бекхам беш 6-зза тапча тоьхна шен довхочун.

Вийнарг ву 38 шо долу Нохчийчуьра вахархо. Иза хилла Новослободски урамехь номер 5-чу цIа чохь вехачу 33 шо долчу Нохчийчуьрча спортхочун машенахь.

Зулам дина стаг лаьцна полисхоша. Цунна бехке диллина адам дер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG