Иракъан эскарша дIалаьцначу Киркукера ведда 100 эзар гергга курдо, аьлла, хаам бо Reuters агенталло. И нах кхоьруш бу къепедацарш хиларх.
18 000 эзар курдойн доьзал дIатарбелла Эрбил а, Сулеймания а гIаланашкахь, дуьйцу Эрбилан урхалчо Хади Навзад.
Иракъан нийцкъаша дIалаьцна Киркук провинци оршотдийнахь. Эскаро лаьхкина 2014-чу шарахь дуьйна цигахь дIатарбелла хилла курдойн тIемалой.