ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Роснефто" курдашца бина барт бакъонца ца хета Иракъан Iедалшна


Иракъ -- Киркукера мехкадаьтта доккху меттиг, ГIад.17, 2017
Иракъ -- Киркукера мехкадаьтта доккху меттиг, ГIад.17, 2017

Иракъан Iедалша низамца богIуш бац аьлла, дIахьедар дина "Роснефть" компанино Курдийн автономица бина барт. Иракъан мехкадаьттан министралло суьдехь къовсур бу БагIдадо къобул бина боцу берриг а берташ.

"Роснефть" Оьрсийчоьнан пачхьалкхан компанино барт бина курдашца уьш бехачу меттехь мехкадаьтта доккхуш белхаш бар хьокъехь. Контрактехь цуьнан декъан барам хир бу цу 80%. Иракъехь мехкадаьтта доккхург Оьрсийчоьнан концерн дагахь ю курдашна 400 миллион доллар ахча дала. Иза хила дезаш ду 2021-чу шарахь.

Кхушеран Гезгмашин-беттан 25-чу дийнахь хиллачу референдумехь Иракъан автономино кхаж тесна йозуш йоцу пачхьалкх кхолла. БагIдадо иза харц лерина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG