ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу Керла Шо даздан вогIур ву 8 эзар турист


Соьлж-ГIала, ГIура-бутт, 2016. Маршо Радион архивера Сурт.
Соьлж-ГIала, ГIура-бутт, 2016. Маршо Радион архивера Сурт.

Стохка 5 эзар бен ца веанахь а, кхушарахь Керла Шо даздан 8 эзар турист вогIур бу Нохчийчу, боху "Тур-экс" олучу Iедалан компанин куьйгалхочо Батаева Элинас, хаам бо ТАСС агенталло.

Батаевана хетарехь, хьешийн терахь алсамдалар доьзна ду кхушарахь Нохчийчохь керла садаIаран программа хирг хиларца. Цу юкъадогIуш ду нохчийн даарийн чам баккхар а, хелхарш а деш, эшарш а локхуш, гатймашка хьажар а иштта дIа кхин а.

Цу сов, ГIура-баттахь Нохчийчохь схьайоьллуш ю "Ведучи" когсалазийн курорт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG