ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху деношкахь дIайоьллина муми музейна юхаерзо гIерта ГIигIизойчуьра Iилманчаш (видео)


1970-чу шарахь карийна дакъа (муми) дIадоьллина Баткен кIоштарчу Кара-Булак эвлахь, Мыктым-Гор олучу меттехь.
1970-чу шарахь карийна дакъа (муми) дIадоьллина Баткен кIоштарчу Кара-Булак эвлахь, Мыктым-Гор олучу меттехь.

ГIадужу-беттан 14-чу дийнахь ГIиргIизойчохь дIайоьллира музейхь латтош хилла 4-5 эзар шо хьалха веллачу стеган муми. Иза хIинца музейна юхаерзо гIерташ ю меттигерчу Iилманчийн тоба. Цу хьокъехь ГIиргIизойчоьнан президенте леррина кхайкхам бина цара. Цу кехатана тIе куьгтаIийна 18 Iилманчо.

Артифакт дукха вочу хьелашкахь хиларна културан министралло омра динера муми дIайолла аьлла. Иза лаьттах йоьлла бохуш бара меттигера экстрасенсаш а. И муми бахьана долуш ГIиргIизойчохь "бохамаш а, катастрофаш а" хир ю бохуш чIагIдора цара.

Экспонат дIайоьллира археологашна 60 шо хьалха иза карийначу юьртахь. Меттигерчу бахархоша бусулба дино ма бохху дIадоьллира дакъа.

Iилманчаша иза вандализм лелор хеташ, кхайкхам бина културан министр балхара дIаваккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG