ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балхара вохийна Кадыровн цIарахчу полкан командир ведда Нохчийчуьра


Абдулкадыров Рахьман ведда Нохчийчуьра.
Абдулкадыров Рахьман ведда Нохчийчуьра.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу («Север») полкан командир хилла полковник Абдулкадыров Рахьман ведда Нохчийчуьра, хаам бина Кавказ.Реалиино. Карарчу хенахь иза лечкъина ву Нохчийчуьрчу Iедалх.

Болчу хаамца, Абдулкадыров къайлаваьллачул тIаьхьа герзаца хиллачу наха дIавигина цуьнан да.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" хаам бинера, шен куьйгакIеллахь болчу эскархошкара ахачанаш дахарна Абдулкадыров балхара лаьллина, етта а йиттина, аьлла.

Раци тухуш йоккху цIе "Бурый" хиларца вевзаш волу Абдулкадыров "Север" полкан командир хIоттийра 2015-чу шарахь. 2000-чу шарахь дуьйна вара иза Кадыровн тобанан декъашхо.

Нохчийчуьрчу Росгвардин дакъа долу цо куьйгалла деш хилла полк дIатарйина ю Соьлж-ГIалахь. Цу полкехь ву 700 сов эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG