ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу Iедалан харжамаш буьйлабелла Гуьржийчохь


Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан президент Маргвелашвили Георгий ву муниципалитетийн харжамашкахь кхаж тосуш. Тбилиси. 21ГIад2017.
Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан президент Маргвелашвили Георгий ву муниципалитетийн харжамашкахь кхаж тосуш. Тбилиси. 21ГIад2017.

Меттигерчу Iедалан харжамаш бу тахана дIабоьлхуш Гуьржийчохь. Бахархоша хоржур бу меттигерчу Iедалан депутаташ а, 64 гIалан а, муниципалитетан а куьйгалхой а, хаам бо ТАСС агенталло.

Гуьржийчохь ерриг схьайиллина ю 3644 харжамийн куп, царах 10 чубоьхкина нах латточу меттигашкахь.

Хармашкахь дакъалоцуш бу 22 партин, пхеа харжамийн блокан а, цхьана инициативан тобан а векалш.

Тбилисин мэран дарж къовсуш ву 13 кандидат. Йисинчу 63 гIалахь а, муниципалитетехь а мэран дарж дIалаца дагахь ву 369 кандидат.

Харжамашкахь кхаж таса бакъо йолуш ву Гуьржийчоьнан 3,4 миллион вахархо. Харжамаш хилла лорур бу, кхаж таса баьхкинчу нехан терахье а ца хьожуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG