ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Вконтакте» эшарш яржорна бехк биллина прокуратуро Соьлж-ГIаларчу вахархочун 


Социалан машанашкахь жигара яржораш ю Муцураев Тимуран эшарш. Маршо Радион архивера сурт.
Социалан машанашкахь жигара яржораш ю Муцураев Тимуран эшарш. Маршо Радион архивера сурт.

Соьлж-ГIаларчу вахархочо Атабаев Iаьйндис «Вконтакте» социалан машанехь дIахIиттийна зорбане яха йихкина эшарш, хаам бо Нохчийчуьрчу прокуратуро.

И бахьана долуш и стаг жоьпе озийна низамаш лардон органаша. Цунна бехке дуьлуш ду федералан цIейозана юкъатоьхна экстремистийн материалаш яржор.

Коьртачу декъана социалан машанашкахь яржораш ю Муцураев Тимуран Оьрсийчохь экстремистийн материалашна юкъатоьхна эшарш. Амма и эшарш йихкина хилар хуучух тера дац Нохчийчохь бехачу нахана, аьлла хета меттигерчу адамийн бакъонашларъярхошна.

Иштта кхушарахь Мангал-баттахь Маршо Радионо яздина ма хиллара, Нохчийчоьнан вахархочо Сулейманов Ильяса «Вконтакте» социалан машанехь дIахIоттийнера Муцураев Тимуран Оьрсийчохь экстремистийн материалашна юкъатоьхна масийтта эшар. И бахьана долуш, бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

Болчу хаамца, шинна тIера пхеа шаре кхаччалц набахтехь такха хан я ах миллион сом гIуда тоха тарло цу тайпа низам дохийначу нахана, нагахь уьш бехке ларахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG