ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахматан" матчашка ца лела студенташ дIабохур бу аьлла


КIирандийнахь Соьлжа-ГIалахь «Ахмат» эша а еш, «Уралца» хиллачу футболан матчах догдаьлла фанатийн, яздо «Кавказан узел» агенталло. ТIейогIучу заманчохь командан рогIерчу ловзаршкахь студентийн кхачо ца хилахь, даржашкара бохор бу аьлла доьшийлийн ректорш, иштта кхерам тесна дешархошна а, дIабохур бу аьлла.

Атта ду Нохчийчоьнан Iедалхошна муьлхачу доьшийлера студенташ ца баьхкина къасто, дийцина дешаран, Iилманан министраллан белхахочо агенталле.

"ХIора университетна, институтна, техникумна, лицейна билгалъяьхна меттигаш ю стадионехь хьовсархошлахь. ГIалин мэрино хIоттош ду и карта. Ахмат-арена стадионехь дIатарло 30 эзар стаг, цундела тIедожадо пачхьалкхан хьукматашна а, организацешна а нах кхийла футболан ловзаршка", аьлла министраллан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG