ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь стаг волчунна бен хуур дац хьал


Набахтехь хан токху тутмакх, совнаха а ган бакъо луш низам юкъадаккхарх кхаъ хилла гергарчарна.

Кху ГIадужу- беттан 16-чу дийнахь дуьйна цIерачарна набахтехь хенаш токхуш болу гергарнаш гайтарехь, цаьрца цхьана хан яккха бахархойн аьтто беш хийцамаш бина Iедало федералан низамехь.

Масала луьрчу хьелашкахь доцуш, юкъарчу ражехь хан токхучу тутмакхийн хIинцачул тIаьхьа гергарниш шарахь ялхазза ган аьтто бу: 3-зза цхьана йоцучу ханний, 3-зза масех денний.

Цу кеппара цIеранаш гар тIетоьхна луьрчу рожехь хан токхуш болчарна а. Цу хийцамех боккха кхаъ хилла, шен лаамехь боцчарна сагатдеш, ладегIамехь болчу цIерачарна.

Уьш, доза а доцуш хазахеттарш барам а боцуш дукха бу. Иштачех цхьаъ ву Новр кIоштан Калиновскера вахархо Эльбукаев Висхан а. Маршо Радионе иштта боху цо: "Шена тIе ца хIоьттича хуур дац лаьцначунна нанас, йиш-вашас мел сагатдо. Ала атта ду. Суна чIогIа дика хета ишта хийцамаш бина. И чохьволлург, аьрхалла йита а йитна, лартIа лелаш велахь, низамаш талхош вацахь, цунна стенна ца гойтуш бара цIеранаш?

Иштачунна уьттаза гайтича а новкъа-м дац. Тоххара тIеэцна хила дезаш дара и низам. Сан вешин кIант а ву Новр -кIоштарчу набахтехь. Цуьнан нанна мел хазахеттера дуьйцийла а йоцуш!"

Тутмакхийн бакъонаш мелла а шорьярх, кхечарех тера боцуш шайн хьажам берш а бу дукха бацахь а. Иштачех ву аренца Iуьллучу цхьана юьртара къано Султан а.

"Чувуллуш волу стаг цо цхьа зе-зулам дича бен набахте кхачош вац. Зулам а дина, цунна и таIзар динехь, дина таIзар чекхдаллалц цунна цхьа гайта а ца веза. И стаг кхето, дохковалийта вуллуш ма ву чу. Ткъа хIинца даарш, маларш чукхоьхьуш, концерташ гойтуш, лаьцнарг ка санна варста а вой дIахIоттаво. И нийса дац".

Тутмакхийн хьокъехь хIинцца къамел дина къано Султан тилвелла лору гуьмсахочо Сатаев Мовлас. Лаьцначу нахана юкъахь хийла бехк боцург хуьлу, цо чIагIдарехь. Шега цхьа бух боцу харцо кховдийна дог Iовжийча бен хуур дац мел хала ду боцчу бехкана къурд а бина саца. Мовла ву дуьйцуш.

"Со чIогIа воккхаве и хийцам бина. Дела реза хуьлда и динчарна а, дагадеъначарна а. Тоххарехь бина хила безаш бара и тайпа хийцамаш. Тоьхна хан дIаяллалц гергара нах гайта ца беза бохурш а бу. Дера бу. И санначарна бала бац, и чохь бохкучарна юкъахь мел дукха бу бехк-гуьнахь а доцуш, маршонах хербинарш! Оцу могIарера къахьо лайначо дуьйцур дац ишта къамел".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG