Дагестанерчу Казбекан кIоштарчу Ленинаулера бахархоша Оьрсийчоьнан президенте дехар дина, Ауховн кIошт юхаметтахIоттор сихдахьара аьлла. Дехардинчара бахарехь, кIошт юхаметтахIоттор сацоран бахьанаш ду, оцу эвла чохь проблемаш чIагIъяларца доьзна.
"Конституцин гарант хьо хиларе терра кхойкху оха хьоьга хIоьттинчу хьолана хьайн тидам тIебахийтаре. Тхо хьуна тIе а тов, иштта тхо тешна ду ахь мехкан куьйгалле Васильев хIоттор Дагестанна пайденна хир ду аьлла", - яздо Ленинаулерчу аьккхойн къаноша.
"Аухан латтанаш тIехь бехачу нохчашна шайн уггар а мехалниг юхадерзон лаьа - даймохк", - боху дехарехь бахархоша.