ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эхо Москвы" радиостанцин журналистна тIелатар дина


«Эхо Москвы» радиостанцин журналистна Фельгенгауэр Татьянина тIелатар дина Москох. Логах уьрсан чевнаш йинчу цунна операци йина Склифосовскийн институтехь. Лоьраша дийцарехь цкъачунна вочу хьолехь ю журналист, амма цуьнан дахарна кхераме хIуммаъ дац.

Фельгенгауэра масийттазза эфираш дIаяьхьнера Къилбаседа Кавказерчу хьолах лаьцна. Цо дийцаредира оьрсийн оппозиционер Немцов Борис вер Нохчийчоьнца доьзна хилар а, Кремло Кадыровн доладар а.

ТIелатар динарг мила ву хиина. Болчу хаамашца, Гуьржийчуьра орамаш долу иза Израилехь вехаш хилла. Талламан комитетео зуламан бекхтакхаме гIуллакх адийна зуламхочунна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG