ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эскархой байарх керла хаамаш гучубевлла


Росгвардин Шелковскерчу декъехь хиллачу зуламах хаамаш Iорабаьхна «Коммерсант» газетано. Ша эскархочун гIуллакх дечуьра дIаваккха гIертий хиинчул тIаьхьа, герз детта воьлла лакхара лейтенант. Кхийсаршкахь цуьнан карах велла виъ эскархо.

Къилбаседа Кавказехь уггар а доккхачу декъан, Росгвардин Жуковн цIарахчу оперативан бригадан декъехь хилла и зулам.

2000-чу шеран Iай дуьйнна вовшахтоьхна яра и бригада Нохчийчохь къепе а ларъеш, гIаттамхошца къийсам а латтош Iалашонца.

«Коммерсантан» хаамашца герзаца тIелатар динарг Дагестанера вахархо ву. Церан хьосташа дийцарехь, малар а мелла, бекхам бан араваьлла хилла иза.

4 эскархочунна герз а диттина, вожийначул тIаьхьа вада гIоьртина лейтенант Росгвардин спецназа хIаллаквина.

Оьрсийчоьнан Талламан Комитето зуламан бехктакхаме гIуллакх долийна, тешаш лебеш, болх дIаболийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG