Хьалха-Мартанарчу прокуратурано таллам берзийна ГIойтIарчу «Солнышко» берийн бешахь 1, 5 шо долу кIант валаран хьокъехь гIуллакх. Кху беттан 12-чохь кIоштан дарбан хIусаме кхачийнера берийн бешахь наб кхеттачу хенахь садукъделла, деллачу беран дакъа.
Талламчаша дийцарехь, бешан куьйгалхочо Сембиева Зулихана лоьрашкара и бер могуш хиларан тоьшалла а доцуш, чуэцна хилла.
Цул совнаха, берашна тIехь Iуналла дийраш ца хилла я говзанчаш а, я белхан декхарш хууш а.
Хилларг теллинчул тIаьхьа зуламан бехктакхаме гIуллакх даьккхина берийн бешан куьйгалхочунна дуьхьал.
Ялх шаре кхаччалц набахтехь якхха хан кхачайо Сембиева Зулиханна.