ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу набахтийн хьаькамашка сагатдойту нохчийн тутмакхаша


Австрерчу набахтешкахь нохчийн терахь алсамдуьйлуш хиларна шайн белхан эвсаралла лакхаяккха некъаш лоьхуш бу цу махкарчу набахтийн куьйгалхой, дуьйцу Маршо Радион хьосташа. Юстицин министраллин белхахойн Iаморан кхерчахь дIадаьхьначу меттигерчу набахтийн куьйгалхойн цхьаьнакхетарехь дийцаре динчу хеттаршна юккъехь дара, набахтешкахь кегирхой радикале берзорна дуьхьало ярца а, тутмакхаш ларъечу белхахойн квалификаци лакхаяккхарца а цхьаьна, иштта нохчийн къомахчу тутмакхашца муха болх бан беза а боху хаттар а.

Кхечу къомахчу лецначийн терахьашца дуьстича нохчийн тутмакхийн терахь кхин лакхара дацахь а, амма иза денна алсамдолуш а ду.

Цул совнаха, нохчийн къомахчу тутмакхашна набахтийн куьйгалло къаьсттина сагатдо, хIунда аьлча, кхинболчу чохьбохкучара царех масала оьцуш а, царна хIун мега я ца мега хьовсуш а хуьлу дела.

Карарчу хенахь Австрерчу набахтешкахь билггал маса нохчо ву, олийла дац. Маршо Радионе меттигерчу юстицин министралло бинчу хаамца, нохчийн къомах болу тутмакхаш доккхачу декъехь Оьрсийчоьнан оллалехь болу нах санна дIаязбина хуьлу, царна тховкIело яларан тоьшалла до конвенционан паспорташ хиларна.

Амма йоллучу Австрехула долу терахь бIеннашкахь лара йиш хилар хаийтира министраллерчу хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG