Шема тIаме ваха гIоьртинчохь гучу а ваьлла, ши шой ах шой хан тоьхна, набахте воьллина нохчийн жимстаг бахьана долуш йоккха скандал яьржина Австрехь. Цу кIанта шега Корнойбург гIаларчу кхелехь дов хоттучу хенахь хьахийра, шена набахтин библиотека чохь индхойн-пакистанхойн Iелимстаган МаIдуди Абу аль-Iалян жайна карийна аьлла.
Официале и тептар Австрехь дихкина дацахь а, амма салафитийн идеологи яржош а, джихад бусалбачийн декхар хилар чIагIдеш а, халипат кхолларан мехалалла дуьйцуш а болу МаIдудин белхаш набахтехь бохкучарна зуламе лору тергамхоша.
Карарчу хенахь Австрерчу набахтешкахь чохьбохкучарна юккъехь ах герга бусалба нах хиларна меттигерчу бусалбачийн урхаллина тIедиллина ду юстицин министралло набахтерчу библиотекашна книгаш харжар а, цу книгийн чулацам таллар а.
МаIдудин книга набахтехь хилар гучдаьлча къайлаха иза цу чуьра дIаяккха гIоьртинера бусалбачийн урхаллин векалех цхьаъ, амма журналисташна и хIума туса а делла, цунах йоккха IалагIож хилира.
Цул тIаьхьа Австрин юстицин министро Брандсштеттер Волфганга шен омрица дIаяьккхина меттигерчу бусалбачийн урхаллера набахтешкарчу библиотекашна книгаш харжа бакъо а, цу библиокашна чу баха бакъо а.