ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урдунерчу нохчаша шайн тхьамда хаьржина Самихь Бено


Самихь Бено,Урдунехь,2017
Самихь Бено,Урдунехь,2017

Урдунера нохчаша шайн юкъараллан тхьамда хаьржина Iарбойн регионехь вевзаш волу инарла Самихь Бено. ХIинцалц нохчий бехачу хIора юьртахь шай-шайн хьалханчаш бара, ткъа таханлерачу заманахь хьалхаваьлла цхьа стаг хила веза аьлла, барт хилла Урдунерачу нохчийн. Цуьнах Маршо Радиога хаам бина Урдунерчу хьостано.

Самихь Бено еххачу хенахь Урдунерачу къайлахьчу сервисийн лаккхарчу даржехь лаьттина стаг ву. Сенатан декъашхо а хилла иза.

Иза жигара юкъахьовзорна Шемара а, Иракъера а дуккха а нохчийн а, кхечу къоман зударий а, бераш а цIадерзор хилира кху аьхка.

XS
SM
MD
LG