ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалерчу тIеIаткъамо дебайо наркомани


Shutterstock - drugs addicted, narcomany
Shutterstock - drugs addicted, narcomany

Iедалан уггаре лакхарчу тIегIанахь а дийца даьккхина махкахь наркотикаш яржар.

ХIинцца - хIинца ницкъаллин структурашца дIаехьначу кхеташоне Iедалдайша тидаме эцна массо тайпа наркотикашца а, могушаллина зе деш, харц пайдаоьцучу кеп-кепарчу молханашца а къийсам баллор мехала а, маьIне а болх хилар.

Вайнехан юкъараллина иза мух-мухха а доцуш чолхечех цхьа хаттар хилар тоьшалла ду чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостанаша наркотикаш хьокъехь Iорабохуш лаьтта хаамаш а.

Мукъа денош доцург дийнна баттахь наггахь а де ца доьду полисхоша бен-бечу кIошташкахь шозза а, кхузза а, ворхIазза-борхIазза а кIомал, марихуана я кхитайпа могушаллина зуламе молха схьа ца доккхуш.

Юкъараллехь наркотикаш шо-шаре мел долу яржар могIарерчу наха кхетадо болх-некъаца Къилбаседа Кавказан регионашкахь къоьлла хиларца а, бахархой кханенах бIо булуш цахиларца а, ладегIаме хьал кIарглахь бен аттачу долуш цахиларца а.

Наркотикаш яржар а, царна тIаьхьабозучийн могIарш лилха довлучу меттана дукъдалар муха кхетадо шаьш лоьраша? ХIун бахьанаш го царна? Цу декъехь шена моьттучух дуьйцуш ву Соьлж-ГIалара цхьана лазарнера нарколог.

Цо цкъадолчу декъана маьхькIамхой а бехкебеш хиларна, цуьнан цIе Руслан аьлла, хийцина йоккху оха.

Иштта дийцира Руслана:- «Юкъараллехь кханенах тешам боцуш чолхе хьал долу дела алсамбуьйлу, сунна хетарехь, наркотикех пайдаоьцурш. ШолгIа, вийний, ваьккханий, эккхайтар, тIелатар диний бохуш, денна а Iорабохучу хаамаша а дебабо наркотикех бетталуш берш.

Оцу могIарерчу баланечу хиламаша психикана беш болчу тIеIаткъамо а харц, зенечу новкъа боху кхиазхой а, кегийрхой а. Цу дIаьвшечу молханаша а, наркотико а цхьана ханна дахаран баланаш бицбеш там бо стагна, ма-дарра аьлча, Iехало-кх иза.

Кхин цхьа бахьана а го суна царна тIаьхьабазаран. Дукхахболчарна хаъане а ца хаьа, шозза а, кхузза а шаьш кIомалан а, молханийн а чоме хьаьжча, я маха тохийтича, кхана шаьш цунах дозалуш дуй, царех мукъадовла кхана атта хир доций. Цара и кхета а ца до. И энерго напиткаш олу хиш тоьур ду дог галдаккха, кийра хIаллакбан".

ХIинцачул ялх шо хьалха мехкан наркодиспансеран лоьраша зорбане яьккхинчу киншке тIехь далочу терахьашца хIетахь 2.500 гергга наркоманаш хилла лоьрийн бIаьрга Iуналлехь.

Цхьаболчу говзанчашна хетарехь, тахана и хаъал лакхара хуьлчух тера ду. Цунна лач делахь а, тоьшалла лара догIу, гарехь, урхаллехь болчара а и проблема тергаме эцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG