ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь зуда ерна бехкево Нохчийчуьра вахархо


Берлинерчу Тиргартен кIоштахь 60 шо долу немцойн къомах зуда ерна шеконе лаьцна, набахте воьллина 18 шо долу нохчо. Кегийраха долу къепедацарш лелорна масийтаза полицина гучу а ваьлла, набахтехь масех бутт баьккхина хилла волу и Илес цIе йолу кIант даханчу шарахь дуьйна Оьрсийчу дIахьажина хила везаш вара Германин низамца.

Амма цу хенахь цуьнан 18 шо дуьзна ца хиларна, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а цунна Iуналла дан цхьа а стаг вац аьлла, ара ца воккхуш витина хилла иза. Ткъа шен дай-наний Полшехь дехаш хиларна, цкъа Германе сехьа волуш, юха Полше дIавоьдуш лелаш хилла иза.

Баханчу баттахь шена евзачу шина зудчуьнца кофе молуш а Iийна, цIаяха яьлла йолу 60 шо долу Берлинан яхархо йийнарг Илес вуйла масех кIира даьлча тIаьхьакхианера полици, цу кIанта ша йийначуьнгара лачкъийна мобилан телефон хьал латийначул тIаьхьа цу телефонан пилинг Яр бахьана долуш.

Масех де хьалха Полшехь лаца a лаьцна, Германе схьавалийра полисхоша иза. Маршо Радионе Берлинерчу полисхойн урхаллехь бинчу хаамца, иза бехкевеш ву а адам дерна а, къола дарна а, иштта цхьа могIа кхин талорш лелорна а.

Иштта полицин векало дийцира, цо ша цуьнгара лачкъийна 50 евро а, лелийна мобилан телефон а бахьана долуш и зуда йийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG