ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцийн керла тептар зорбане даьккхина Iамерко


Гергарчу хенахь санкцешна юкъаяхийта хьалхалаьттачу Оьрсийчоьнан 39 компанийн тептар зорбане даьккхина Iамеркан пачхьалкхан департаменто. Царлахь ю «Алмаз-Антей» компани а, «Калашников» концерн а, ФСБ а, ГРУ а, СВР а. Оьрсийчоьнан тIеман а, талламан а организацеш ю, доккхачу декъанна йийцарейийраш.

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш чIагIъян езарх Конгрессо аьхка тIеэцначу низамна тIехь болх беш ю Пачхьалкхан департамент аьлла, хаамаш баьржинера хьалхо зорбананшкахь.

Оьрсийчоь 2016-чу шарахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIортарна а, цо Украинана агресси ярна а, Шемахь тIом боьдучу 6 шерачохь Кремло Асад Башарна гIортор латторна а юкъадаьккхина ду санкцеш чIагIъеш низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG