ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрихочуьнца цхьаьна кокаин лелош гучуваьлла нохчо


49 шо долчу австрихочунна корт бахон молхнаш юхкуш, гIодеш хилла Филлах гIалахь вехаш волу нохчо. 25 шо долу и кIант а, цуьнца цхьаьна кхин цхьа Словенера орамаш долу жимстаг а курьерийн болх беш хилла бохуш, чIагIдо Кернтнен лаьттарчу полисхоша.

Маршо Радиога полисхойн декъера тIечIагIбинчу хаамца, талорхойн буьйранча австрихо хилла, хьалхехь кхин а къепедацарш лелорна массийтаза лаьцна хилла волу. Цо шен ахчанах Словенехь кийланашкахь эца а оьцуйтуш, курьерашка Австре сехьайохуьйтуш хилла наркотикаш.

Полисхоша, дозанехь талларш дечу хенахь, цо тIедожорца эцна йохьуш йолу ах кила кокаинний, цхьа кила амфитаминаш олуш олу корта бахон молхнаший гучуялар бахьана долуш, лаьцна иза Iедалхоша. Ткъа иза лаьцначул тIаьхьа цунна болх беш хилла волу нохчочун а, словенхочун а ларашна тIе а кхаьчна полисхой.

Полицино динчу дIахьедарца, кхин а мел кIезга а 15 стаг хилла наркотикаш юхкучу австрихочо шена болх бойтуш. Карарчу хенахь и нах лохуш бу Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG